Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2020

Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах велла 10 стаг, ун даьлла ву – 510

0
ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь велла коронавирусан уьнах 10 пациент, цомгашчарна тIекхетта кхин а 510 дархо, яздо "Кавказ.Реалиис". Ун ца даржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а кхоккха пациент велла, ГIебарта-Балкхаройчохь шиъ, Адыгейхь а, Къилба ХIирийчохь а цхьацца кхелхина.




 


Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах велла 140 стаг.


Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Дагестанехь - 109:


Дагестанехь +109 (2 997 ву эпидеми иккхичхьана)

Краснодаран махкахь +96 (2 222)

Къилба ХIирийчохь+78 (1 801)

ГIебарта-Балкхаройчохь+74 (1 475)

Ставрополан кIоштахь +51 (1 176)

ГIалгIайчохь +43 (1 333)

Нохчийчохь +28 (841)

Адыгейхь +19 (271)

Кхарачойн Чергазийчохь +12 (516)


COVID-19 инфекци яьлла верриг а Къилбаседа Кавказехь 12 677 стаг ву. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь 242 271 пациент ву.




 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса