Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2020

ДАIИШан лидер лаьцна шаьш, боху Иракъан ницкъаша

0
Террорхойн «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан куьйгалхо лаьцна шаьш, даржийна Иракъан иччархойн буьйранчаша, хаам бо “Ал-Iарабийа” телеканало.


Лерринчу ницкъаша бахарехь, Американ эскаро стохка гурахь ДАIИШан лидер Ал-БагIдади Абу Бакр вийначул тIаьхьа цунах бисинчу меттехь хилла лаьцнарг.


 “Исламан пачхьалкхо” шен хаамашкахь лидеран йоху цIе ю Абу ИбрахIим Ал-ХIашими Ал-Къураши. Вашингтонна хетарехь, оцу цIарна тIехьа лечкъина ву организаци кхоьллинчех а, цуьнан идеологех а волу Амир Мохьаммад Iабдел Рахьман ал-Мавлйа, бохура хьалхо «Американ Аз» радионо.  Ткъа Иракъерчу иччархоша дийцарехь, лаьцначун бакъ цIе ю Iабдел Насер ал-Кирдаш.




Стенгахь, маца, муха лаьцна ДАIИШан лидер хоуьйтуш дац. Иза лаца аьтто белла иччархойн информацино, боху “Ал-Iарабийас”.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса