Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2020
1
2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
15
16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Бутт бовш дуьненаюкъара кеманийн рейсаш кхин а алсамйохур ю Соьлж-ГIаларчу аэропорто

0
Соьлж-ГIалин аэропортера хIора кIиранах 11 дуьненаюкъара рейс йо кеманаша. Карара бутт бовш 15-не даккха лерина церан терахь, яздо REGNUM агенталло. "Вайнахавиа" компанин директоро Шахгириев Iалвис бина и хаам аэропорт кхиорехь лаьтта хеттарш дуьйцучу кхеташонехь.

Цо бахарехь,  пачхьалкхехь 150 гергга рейс йо баттахь карарчу хенахь. Кеманийн жигаралла лах ца еллера боху Шахгириевс, коронавирусан пандемии йолуш а. 


Карладоккху, карарчу шеран 2020-чу шарахь дуьненаюкъарчу пачхьалкхашка кеманаш гIовттийта бакъо елларг Къилбаседа Кавказера "Грозный Северный" цхьа аэропорт бен яц. Хьалхо коронавирус яржарна кхоьруш кеманаш дIасалелар совцийнера Нохчийчохь.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса