Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27 28 29 30
31

Латаран чемпионатехь Францин цIарах дакъалоцуш ву ялх нохчо

0
Маьршачу кепехь латаран Европерчу кегийрхойн  чемпионатехь Францин цIарах дакъа лоцур ду беккъа нохчех лаьттачу цхьаьнатоьхначу тобано. Летарш хIиттор ду Бухарестехь (Румыни), зазадокху-беттан 13-чуьра 19-чу дийне кхаччалц лаьттар ду уьш.


Ялх латархочо – Бибулатов Адама, Арсамерзуев Хьамзата, Сангариев Мухьаммад-Амина, Делиев Мохьмада, Магомадов Рахьима, Висханов Iадлана – дакъалоцур ду кеп-кепарчу йозаллин категорешкахь, аьлла ду Францин латаран Федерацин публикацехь.


Стохка оццу чемпионатехь Францин вовшахтоьхначу тобанехь а вара виъ нохчо.


20 шерашка бевллачу Европан а, дуьненан а чемпионан Магомадов Рахьиман доьзал Нохчийчуьра дIабахара 2007-чу шарахь. Ткъа Европан а, дуьненан а чемпионатехь борзан мидал йаьккхинчу Висханов Iадланан гергарнаш цул а шо даьллачул тIаьхьа махкара дIабахара. Шайн дIадахаран бахьана лерира Висхановс ненан цамгар а, "Оьрсийчуьра гIоьртина хьал" а.



Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето (МОК) чиллан-беттан 28-чохь кхайкхамбира йоллу спортан юкъараллашка, спортхойн къийсамашка Оьрсийчоьнан а, Беларусин а цIарах болу спортхой ма бита аьлла. Ца хуьлчу далахь спортхошна магийта йиш ю элира МОК-н векалша нейтралан статусехь дакъалаца. Эксперташка хаьттира Кавказ.Реалиин редакцино, Къилбаседа Кавказерчу профессионалан спортана тIехь мел Iаткъам бийр бу цо аьлла. 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса