«Анжи» футболан тобанан коьрта тренер хIоттийна Адиев
ХIинжа-гIаларчу «Анжи» футболан тобанан коьрта тренер хIоттийна Адиев Мохьмад, хаам бо цу клубан зорбанан урхалло. Цуьнца контракт йина 2 шаранна. Керлачу тренеран бакъо ю шен штаб вовшахтоха. Соьлж-ГIалахь вина Адиев цхьацца шерашкахь левзира Несарарчу «Ингушетия» а, Дагестанерчу «Анжи-2» а, ХIинжа-гIаларчу «Анжи» а, Москох ЦСКА а, кхин йолчу а футболан клубашкахь. Оьрсийчоьнан футболан къоман тобанехь 4-зза левзина Адиев. Цу ловзаршкахь шозза буьрка чутоьхна цо. Адиевс тренеран болх болийна 2010-чу шарахь Лахарчу Новгородехь. Читать дальше...