Мы в Telegram
Добавить новость
Главные новости Магаса
Магас
Февраль
2021

Пал тосучу зудчунна а, цуьнан хIусамдена а йиттина ГIалгIайчохь

0
Пал тосучу зудчунна а, цуьнан хIусамдена а йиттина ГIалгIайчохь

ГIалгIайчоьнан Магас шахьарахь муьлш бу ца хуучу наха йиттина шайн махка еанчу зудчунна а, цуьнан хIусамдена а, цул тIаьхьа церан машенна герзаш диттина. Хаамийн гIирсаша яздарехь, юьйцург ю кхечу махкара еана гоьяьлла "пал тосург".

"Мальсаговн цIарахчу урамерчу тIекIелдинчу цIенна герга веана хилла  ВАЗ-2114 машенахь масех стаг, деш хилла къамел девне дирзина церан. Оцу цIа чохь петар лаьцна хиллачу зудчунна а, стагана а етта буьйлабелла уьш. Эххар а церан машенна тIе герзаш диттина", - хаам бина "Интерфакс" агенталло, шайн хьосташна тIетевжина. Церан информацица, зуламна бехке хила тарло, холмачалла лелочу нахаца къийсам латточу юкъаралла боламан декъашхой.

Кху беттан 18-чохь Маршо Радионо яздира, рогIера "хIумахуург" – Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштара яхархо Долуева Зина – Iораяьккхарх "Грозный" телеканалан эфирехь. ТIехьийсийна камераш а йолуш, Долуевас шена къинтIерабовлар дехнера нахе.

Долуева Iорайоккху, цунна довдира эфирехь Соьлжа-ГIаларчу исламан медицинан центран коьртачу лоьро, мехкан шахьарачу "Нохчийчоьнан Дог" маьждиган имама Эльжуркаев Адама.

"ХIумахуург" Iорабахар дуккхаза а хьехийна Нохчийчуьрчу Iедало 2021-чу шеран Дечкен-баттахь а, Чиллан-баттахь а, дерриг а 2020-чу шарахь а. Палтасархой лецар долийра масех шо хьалха. Лецнарш дукха хьолехь видеокамерашна хьалха къера хуьлу шаьш харцо лелийна бохучунна. "Терроризмал а, наркоманел а кхераме" ду цара дийриг, олий гойту уьш дукха хьолехь.

Кавказ.Реалиица оцу темин хьокъехь къамелаш динчу бакъоларъярхошна гарехь, тоталитаран режиман башхаллех ду "хIумахуург" Iорабахар.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в Ингушетии

Новости спорта


Новости тенниса
Анна Блинкова

Россиянки Аванесян и Блинкова вышли во второй тур турнира в Риме






Пока в Таджикистане срывают никабы, Россия становится приютом радикальных исламистов

Калиматов: В Ингушетии стремительно растет число детей, не владеющих ингушским языком

Военные парады прошли в городах юга России по случаю Дня победы

Землетрясение магнитудой 5,2 произошло в Авачинском заливе