Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

"Новая газетана" гIуда тоьхна кхело

0
Москохарчу Басманан кхело гIуда тоьхна "Новая газетана", Оьрсийчохь низамаш дохийна аьлла, Узбекистане депортаци ян торучу Феруз Iелин артиклаш зорбане яхарна. Низамехь а доцуш, кхечу пачхьалкхан вахархочуьнга болх байтина аьлла, бехкейо газетан редакци кхело.


Узбекистанан вахархо Феруз Iела (Нурматов Худоберди) кху аьхка лаьцнера Москох. Миграцин низамаш ца лардина аьлла, бехкевира иза.


Террорхойн организацешца болх бина ву аьлла, шен махкахь вен гIерта ша аьлла, дIахьединера Феруза. Масех шерашкахь дехарш дора цо Оьрсийчоьне шена тховкIело йоьхуш.


Феруза Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ЕСПЧ) дахьийтинчу арзна жоп даллалц сацийна гIуллакх, цуьнан депортаци ца еш.


МухIажирш ханна латточу куьпахь хан токхуш ву карарчу заманчохь Феруз.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса