Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Март
2018

Нохчийн берех кино яккха кечам болийна Австрехь

0
Нохчийн мухIажарийн доьзалерчу берех лаьцна кино яккха кечамаш бу Венехь дIабоьлхуш. «Лиллий, Оскарий» цIе йолчу австрихойн берийн яздархочун Хелфер Моникин романан бух тIехь язъина ю филман сценарий.


Кхиамечу меттигерчу телевизионан филмаш йохучу режиссеро Риахи Арашс цу романан сюжет дикка хийцина, керла коьрта турпалхой а кхуллуш.


Нохчийн йиший, ваший ду филман ши турпалхо. И шиъ тIехь да воцуш кхиош хиллачу ненера Австрерчу берашна Iуналла даран хьукмато дIадоккху сценарийца. ТIаккха, вовшах къаста а дой, шина тайп-тайпанчу доьзалшка дIало и шиъ. Цу шиммо вовше лехар а, и шиъ цхьаьна дадар а гойтуш хир ю и кино.


Маршо Радионе филм йоккхучу тобанан декъашхочо бинчу хаамца, кху деношкахь дIайолалуш ю нохчийн берашна юккъехь коьрта турпалхойн ролаш ловзорхой лохуш йолу кастинг. 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса