Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

"Исламан пачхьалкхах" дIакхеттачу зударийн бераш цIа дерзор ду Германино

0
Германин Iедалша цIа далор ду шайн махкара "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхета баханчу зударийн бераш. Цунах лаьцна хаам бина Bild am Sonntag газето, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло деллачу омрана тIе а тевжаш.


Махка юхадерзийначул тIаьхьа, кхеторан болх а бина, и бераш дIалур ду церан гергарчу нахе а, социалан урхаллашка а.


Bild am Sonntag газето далочу терахьашца, карарчу хенахь шайн берашца цхьаьна Шемахь а, Иракъехь а тIемаш боьлхучу зонехь ю Германин паспорташ долу лаххара 270 зуда.


"Исламан пачхьалкхах" а, кхин йолчу радикалан тобанех а дIакхеттера 980 Германера вахархо. Царах 170 вийна. Бухабисначерах кхоалгIа дакъа Германе цIа дирзина.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса