Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Германина совгIатана Маркс Карлан статуя елла Китайн Iедалша

0
Германехь, коммунизман идеологи кхоьллинечерах цхьаъ волу Маркс Карл винчу гIалахь, Трирехь йоьза статуя схьайиллина цуьнан 200 шо кхачарна хьажийна.


2 тонн еза йолу иза совгIат ду Китайн Халкъан Республико Марксан юбилей хиларна Германина дина долу.


5 метр лекха йолу статуя дIахIоттийна Порта Нигра цIе йолчу Риман Империн хенара кевнаш лаьттачу майданахь. Цуьнан автор ву Китайра сурташдахкархо Вэйшан У.


Полицино бинчу хаамца, Марксан статуя схьайоьллуш дакъалоцуш вара 3 эзар гергга вахархо а, 200 гергга лараме хьаша а.


Циггахь духьалонан акце гулбеллера Марксан статуя хIотторна духьал болу иттаннаш меттигера бахархой.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса