Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Жимачу кIантана ВИЧ-ун даларца доьзна бехктакхаман гIуллакх юхатоллур ду Нохчийчохь

0
Жимачу берана Соьлж-ГIаларчу дарбанан хIусамехь ВИЧ-ун далар юхатоллуш ду Нохчийчохь. Цу хьокъехь долийна хилла бехктакхаман гIуллакх талламхоша сацийнера, билггал бехкениг къасто аьтто бац аьлла.


БархI шо хьалха Соьлж-ГIаларчу цхьана дарбанан хIусаме, пехаш шелделла хила мега аьлла шеко йолуш, валийна хиллера цхьа шо долу жима кIант.


Талламхоша дийцарехь, дарба дан иза охьавиллина хилла ВИЧ-ун кхетта йолчу йоIаца. Кхин а 6 шо даьлча гучудаьлла и ун цунна а даьлла хилар.


Талламахошна ца карийна бехкениг, амма, цу кентан дедас дехар дарца, и гIуллакх юхаталла долийна прокуратуро, хааам бо Кавказ.Реалиино.


Дерригдуьненан могушалла Ӏалашъяран вовшахтохаралло далочу терахьашца, ВИЧ-ун даьлла 34 000 000 адам ду кху дуьнентIехь.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса