Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Хасу-юьртара базар дIахьакха гIерта Iедал

0
Хасу-юьртарчу администрацина хьалха оршотдийнахь гулбеллера бедарш юхкучу базарара 40 йохкархо. "Титаник" цIарца дика евзаш ю и меттиг. Дагестанерчу "Кавказ.Реалиин" корреспонденто бина и хаам.


Шаьш базар хIуьтту меттиг дIаяккха гIертачу Iедална дуьхьалбевлла уьш. ГIалин мэрино бахарехь, бакъо йоцуш дIахIиттийна ю цигахь йохка-эцаран аьттонаш бен гIишлош.


Набережная олучу урамехь ханна йина гIишлош, рагIуш шаьш дIадохо дагахь хиларх хаам Хасу-юьртан администрацино шен сайте оьллинера.


ГIалин Iедалша рагIуш дIахьакхар цIеяларан кхерамашца а, адамийн бакъонаш Iалашъярхьама, гонахара Iалам садаIа а, ваха а цIена хилийтархьама а ду аьлла гулбеллачаьрга.


Кхечу гIалин базаршка дехьабийлар хьехна гIалин Iедалша йохкархошна, амма шаьш марзделла меттиг дIатаса реза ца хуьлу уьш.


ГIалин администрацина уллохь гул а белла, шаьш резадацар дIа а хоуьйтуш,  гIалин мэраца цхьанакхетаре дог дохуш, лаьтта гулбелларш.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса