Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Кхелахоша шегара дIаяьккхина тапча юхайоьху нохчийн бизнесхочо

0
Москохарчу отелехь кхийсинчул тIаьхьа шегара кхелан сацамца дIаяьккхина, совгIатна елла хилла тапча юхаялар дехна бизнесхочо Джабраилов Iумара. МоскохарчуТверскан кхелан пресс-секретара Дзюрко Анастасияс бина и хаам "Керланаш" агенатлле.


"Герз лело а, латто а бакъо хиларх дехар-кехат кхаьчна кхеле", - аьлла секретара.


Нохчийчоьнан цIарах сенатор хиллачу Джабраилов Iумара тапча кхийсинера стохка аьхка Москох Four Seasons хьешан хIусамехь, кокаин олучу наркотиках кхетта а волуш аьлла,  яздинера Маршо Радионо. 


Кремлна дуьххьалчу отелан тховх герзаш диттина аьлла, еанчу полицино лаьцна вигинчу Джабраиловс РБК агенталле дIахьединера, ша мелла а, я наркотикех пайдаэцна а хилла цахилар.


Иштта цо бехкбиллира хьешан цIийнан белхахошна, шена провокаци ярна а. "Отелан белхахоша карзахваьккхинера со, цундела ас иштта бунт айира царна дуьхьал», - аьллера Джабраиловс РБК-н журналисташка.


ХIетахь кхело сацам бина, герз дIадаьккхинера Джабраиловгара.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса