Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Шела-Сити схьайиллина

0
Шелахь керла йина гIишлош а, керташ а, урамаш а хаздеш, кешнаш цIандеш иштта дуккха а кхин болийна хилла белхаш дIа а берзош болх бара дIабоьдуш пIераскана Iуьйранна дуьйна. Иза доьзна ду Шелан неIарш схьайоьллуш де хIотторца.


Шелара цхьацца хьукматашкара белхахой делккъалц болх беш бара оцу хиламна тIаьххьара кечамаш беш: зезагаш дуьйш, нехаш дIайохуш, кхин долу белхаш беш.


Стохка Iедало, доьзалш чуьра ара а бохуш, дIахьаькхира Шелан коьртачу урамера 100 гергга ков-керт. ГIала хазйо, урамаш шордо аьлла, бIешерашкахь лаьттина хIусамаш йохийнера кIоштан Iедалхоша.


Соьлж-ГIалана 35 километр гергахь Iуьллуш йолу Шела уггаре яккхийчерах кхоалгIа гIала ю Нохчийчохь. 


Шела-Сити схьайоьллуш хиллачу церемонехь вистхуьлуш Кадыров Рамзана дIахьедар дира республикан Iедалш дагахь ду цуьнахь дукха хаза, кхузаманахьлера гIала хилийта. 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса