Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Туркойчоьно ханна шайн махкара араваьккхина Израилера консул

0
Стамбулерчу Израилан инарла консуле цхьана ханна шайн пачхьалкхера аравалар дехна Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Anadolu агенталло бина и хаам, министраллерчу шайн хьостех пайда а оьцуш. Оршотдийнахь, Газан секторан дозанехь Израилан эскаршца протестхойн вовшахтасадаларш хиллачул тIаьхьа иккхина Туркойчоьнна а, Израилна а юкъахь дипломатин конфликт. Иерусалимехь Iамеркан векалалла схьаеллар ду хIоьттина бахьана. ХIетахь вийра 60 палестинхо.


Шинаридийнахь туркоша Израилан посол шайн махкара араваьккхича, цунна дуьхьал Израило а эккхийна Туркойчуьра инарла консул. БIаьстенан юьххьехь Газан секторан а, Израилан а дозанехь палестинхоша масех дийнахь дуьхьалонан акцеш латтийра. Гуламаш вовшахтоьхначара бахарехь, Израилерчу шайн дайх дисинчу лаьтта берза йиш йоцчу наха шайна терго яйтархьама йолийнера и акцеш.


Иерусалимехь векалалла схьайоьллучу муьрехь юха а жигара ехира акцеш керлачу ницкъашца. Протестхоша Израилан салташна тIе тIулгаш детташ, негIарш дагадора.


Израило шен дозанаш а, юкъаралла а Iалашъеш ю ша аьллера. Газан дозанехь Израилан эскархоша лелорийг аьшнашдира ООН-ан кхерамзаллан Кхеташоно.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса