Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Машенчохь вийна стаг карийна Назранехь

0
Герз тоьхна, вийначу ГIалгIайчуьрчу вахархочун дакъа карийна Назранан йистехь машенчохь. ГIуллакх талла долийна. Болчу хаамашца, коьртах тапча тоьхна вийначу 49 шо долчу меттиегрчу вахархочун дакъа Toyota Corolla машенчохь гучудаьлла керла гIишлош йолийначу кIоштахь еарийдийнахь. Оцу меттигехь карийна кхийсина гильза а, 9 милиметар йолу даьндарг а, машенан кехаташ а.


Вийначун гергарчаьрга хеттарш дина аьлла, хааме даьккхина Оьрсийчоьнан ГIалгIайчуьрчу Талламан комитето. Назранан кIоштарчу Экажево эвлара ву вийнарг. Цуьнца машен чохь хилла цуьнан хIусамнана а, цкъачунна иза йолу меттиг билгаляланза ю, яздо "Интерфаксо".



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса