Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Мисарара араяьккхинчу зудчунна дуьхьал ФСБ-н белхахой кхаьчна

0
Мисарара схьахьажийна Дагестанан яхархо Байсултанова Сакинат шоьтадийнахь шен деа бераца цхьаьна ХIинжа-ГIала кхаьчна. ЦIерпоштан вокзалехь цунна дуьхьал баьхкинера къайлахчу сервисийн белхахой, яздо "Кавказ.Реалиис".


"Кавказ.Реалиин" хаамашна тIе а тежаш, Маршо Радионо даржийра Москохарчу Шереметьевн аэропортехь 12 сахьтехь Байсултанова дозанхоша латтийна хиларх. Мисаран къомана кхераме бу аьлла, еарийдийнахь Къилбаседа Кавказан 17 вахархо Оьрсийчу схьахьажийна пачхьалкхан Iедалша. Кхин а 8 вахархо висина Каирерчу "Матар Кадим" аэропортерчу депортацин набахтехь.


ХIинжа-ГIала шайн зудчунна дуьхьалбахначу гергарачара дуьхьало йира полисхошна Байсултанова дIайига. Делахь а къайлахчу сервисийн белхахой бу цунна тIаьхаьбевлла Гимры дIаюьгуш боьлхуш.


Сакинатан гергарчо дийцарехь, полисхой иза дIайига Кизляре баьхкина хилла. "Алигаджиев Мохьмада иза цхьанхьа а едда яла меттиг болуш а яц, могуш-маьрша цкъа шен хIусаме кхачийта, цул тIаьхьа иза ша тIейогIур ю шуна элира полисхошка", -дийцина "Кавказ.Реалиига" гергарчу стага.

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса