Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Соьлж-ГIалара тIелатар шена тIелаьцна "Иcламан пачхьалкх" тобано

0
Соьлж-ГIаларчу килсана тIелатар дарна жоьпалла шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" олучу тобано. Цунах лаьцна кIиранан дийнахь хаам бина йозуш йоцучу SITE Intelligence Group мониторинган тобано.


Соьлж-ГIаларчу килсана тIелатар динарш Нохчийчуьра бахархой Юнусов Iамир а, Юнусов Iела а, Элисултанов Микаил а, иштта ГIалгIайчуьра Цечоев Ахьмад а хилла аьлла, Iорадаьккхина махкарчу ницкъаллин структураша.


Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, шоьтан дийнахь килсана динчу  тIелатарехь вийна Нохчийчу гIуллакх кхочушдан хьажийначу Саратоверчу полисхойх лакхара ши сержант Рахметов Кайрат а, Горсков Владимир а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса