Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Оьрчийчоьнна кхайкхийна санкцеш шоръян лууш ву Джонсон

0
Iамерко Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш Евробартана юкъараяьлча Британино а кхайкхо мегаш ю аьлла, дIахьедар дина цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министро Джонсон Бориса. Цунах лаьцна хаам бо Bloomberg агенталло.


Цкъачунна цу тайпа сацамаш Европан Бертаца дагаяьллаxул тIаьхьа бан безаш ю Британи. Амма Брекзит хиллачул тIаьхьа Лондонан аьтто хир бу мелла а луьра позици лаца, билгалдаьккхина Джонсона.


Цхьа де хьалха Британин парламентан Юкъараллийн Чоьнан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитето дIахаийтар арахийцира, "Москохан дашо: оьрсийн коррупци Британехь" цIе а йолуш.


Цуьнан авторша дIахьедина Оьрсийчуьрчу "боьхачу ахчано" зен до Британин арахьарчу политикана аьлла.  



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса