Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Иракъехь еллачу Мурманскера зудчун йоI нохчийн доьзале эцна

0
Мосулехь еллачу Мурманскерчу яздархочун Ицанкова Дарьин йисина 6 шо долу йоI БагIдадерчу берийн цIийнера Нохчийчу кхачийна. Нохчийн доьзало шайн йоI санна  кхаба а, кхио а шайн дола яьккхина иза, хаамбо республикан куьйгалхочун аппаратехь.


"Масех шо хьалха "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхеттера Мурманскера Ицанкова Дарья. ЙоьIан нана а, вокхахволу ваша а стохка Мосулехь кеманашца бомабанаш еттачу хенахь делла лоруш ду. БагIдадаерчу цхьана берийн цIийнехь яра иза хIинццалц", - аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталлан корреспонденте Кадыровн администрацин белхахочо.


Цо бахарехь, дозанал а арахьа беха Ицанкова Дарьин гергарнаш реза ца хилла йоI тIелаца. "Бер Нохчийчуьрчу цхьана доьзало шайна дIайигина. Цунна сагатдан оьшуш дац", - аьлла дийцинчо.


Шемахь дакъалоцуш ю аьлла, лехамашкахь яра 2013-чу шарахь дуьйнна Ицанкова Дарья. Ша йоьдучу хенахь шеца дIадигинера цо шен ший а бер.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса