Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Iедална айкхцаваьлла вахархо жоьпе озийна кхело

0
Шемарчу даIишхойх дIакхета лаам болчу шен накъостех айкхцаваларна Соьлжа-ГIалара вахархо кхеле озийна. Заводской кIоштан кхелахоша зуламан кодексан 205-чу артиклца бехк а хьарчийна, гIуллакх долийна цIарца вовзуьйтуш воцучу жимчу стагана дуьхьал.


Иштта цуьнан накъосташна дуьхьал а айдина бехкзуламан гIуллакхаш, кхечу пачхьалкхарчу гIаттамхойх дIакхета гIортарна аьлла, яздо прокуратуран сайтехь.


2016-чу шарахь Оьрсийчоьнан президенто "Яровойн пакетна" куьйгяздинчул тIаьхьа юкъадаьккхина Iедална айкхцаваьллачунна тIе жоьпалла дожош низам.


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса