Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Толамхочун къайле*

0
Толамхочун къайле*


Цкъа цхьа жима самурайн бIо кIелонна тIе нисбелла. 

Я йийсаре баха, я хIаллакьхила бен – кхин къастам боцуш. БIаьхой йиш йоьхна бисна. 




ТIаккха баьчча хьалха а ваьлла: «Вай иштта барт бо. Кхаж тосу вай: нагахь аьрзу долу агIо йожахь – вай тIом бо. Нагахь важа агIо йожахь – йийсаре доьлху».




Хьалакхоьссина цо ахча. СадеIар а тийна ладоьгIуш хилла массо а. Ахча охьадоьжча, баьччин гIоьнчас схьаэцна дIагайтина и – аьрзу долу агIо хилла йоьжнарг. 




ТIаме баьккхийна баьччас шен бIо. Толамца дирзина и тасадалар.

Кхано, баьччига ахча дIалуш, тидам хилла гIоьнчин, и аьрзу шина а агIор хилар.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса