Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Могуш доцуш школе, я берийн беша далийна бер тIеоьцур дац кху шарахь

0
Дешаран шо доладелча дуьйна Оьрсийчоьнан школашкахь а, берийн бошмашкахь а Iуьйранна шайга кхачийначу берашна тIехь лерина Iуналла латтор долуш ду хьехархоша. Пачхьалкхан коьрта санитаран лоьро Попова Аннас бинчу сацамна тIе а тевжина, яздо "Известия" газетано цунах еаридийнахь.


Берашна тIехь таллам а беш, нагахь могуш цахиларан билгало цуьнгахь хаалахь, уьш шайн цIа дIадохуьйтур долуш ду тIейогIучу хенахь.


Вирусан жигаралла къаьсттина марсайолучу гуьйренан а, Iаьнан а муьрехь дIахьур йолуш ю и юкъайоккху процедура, инфекци ца яржийтархьама.


Цу кепара фильтраци лелош ю хIинцале а масех доьшийлашкахь, цо дика жамIаш а гайтина аьлла, дийцина газете иммунобиологин препараташ кхуллучу талламийн Iилман Федералан центран белхахочо Гамбарян Александра.

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса