Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Схьакарийна Соьлж-ГIалахь вайна ши шича

0
Соьлж-ГIалахь вайна ши шича 29 шо долу Масаров Расул а, 26 шо долу Масаров Iадлан а схьакарийна, хаам бо Vayfond цIе йолчу Нохчийчуьрчу гIо-накъосталлан а, бакъонашларъярхойн а цхьаьнакхетаралло.


"И шиъ Соьлж-ГIаларчу Заводан кIоштан РОВД-хь хилла. Тхан хьастанаша бинчу хаамца, гергарнаш 2-3-зза чекхбелла хилла массо а (полицин) дакъошкахула. Амма массанхьа а олуш хилла МасаровгIара шайгахь бац, оццу Заводан кIоштарчу РОВД-хь цхьана", -  Vayfond инстаграмерчу агонехь яздина.  







Болчу хаамца, карарчу хенахь ши шича дехьаваьккхина цу шинан прописка йолчу Серноводскерчу полицин декъе.


Масаров Расул а, Масаров Iадлан а лоьхуш вара гергарчара кху беттан 12-чу динахь дуьйна. Синтем байначу гергарчара ши жима стаг схьалохуш гIо дехнера полице.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса