Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2018

Бехктакхаман гIуллакх долийна Италин министрна дуьхьал

0
Италин Iедалша кIирандийнахь бакъо елла Сицилерчу Катания гIалан портехь лаьттачу Diciotti хIордан кемана тIера охьабисса Африкерчу пачхьалкхарчу мухIажирашна. Иза хилла, Католикийн Килс а, Албанин а, Ирландин а Iедалш а мухIажираш тIеэца реза хиллачул тIаьхьа.


Пхеъа дийнахь сов и нах латтийра кемана тIехь Италин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Салвини Маттеос. Сальвини ву "Лига" олучу мухIажирашна дуьхьал яьллачу популистийн партин векал. Цо чIагIдора, цкъа дуьххьара кхечу пачхьалкхаша дош дала деза и нах шаьш тIелоцур бу аьлла, бохуш.


Италино лелийначунна критика йина Евробартана юкъайогIучу кхечу пачхьалкхаша. Ткъа Салвинина духьал долийна бехктакхаман гIуллакх. Министрна бехке дуьллуш ду бакъо йоцуш нах лаьцна латтор а, шен даржо луш йолчул а алсам бакъонаш шена тIеэцар а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса