ПIераскан сарахь велла Iамеркан президент хилла Буш Джордж (да)
ТIеман кеманхо а, политик а, Коьртачу талламан урхаллан куьйгалхо а хилла волу Буш Джордж президент хаьржира 1988 шарахь. 1992 шарахь хиллачу президентан харжамашкахь эшначул тIаьхьа иза гIортор еш вара шен кIантана Буш Джорджана 2000-чу шарахь хиллачу президентан харжамашкахь.
ТIаьхьарчу 4 шарахь Буша пайда эцара заьIапхойн гIудалкхах. Цуьнан хIусамнана Барбара елира 8 бутт хьалха.
