Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Кадыровн векало комментари йина цуьнан говраша ахча даьккхина бохучунна

0
"Низамца а догIуш, шарахь хилла берриг а пайда, шена юкъахь бахамо беана пайда а болуш, гойтуш бу республикан куьйгалхочо кечйинчу шена хиллачу пайданах лаьцначу декларацехь", - аьлла комментари йина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан секретаро Каримов Iаьлвис, Кадыров Рамзанан хохкучу говраша цунна иттаннаш миллионашкахь пайда беана бохучу хаамна.


"Трансперенси Интернешнл - Оьрсийчоь" вовшахтохаралло дIахьедар динера пIераскан дийнахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан 128 говро 100 миллион сом даьккхина Кадыровна тIаьхьарчу 4 шарахь, амма и ахча хьахош дац цуьнан декларацешкахь аьлла.


Кадыровн говрийн цIераш ялош ю Hippodrom.ru сайта тIехь. Кхин а ши говр гайтина ю Эмираташкарчу говраш хахкаран официалан реестрехь, билгалдоккху «Трансперенси Интернешнло».


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса