Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Даржехь лакхаваьккхина пластикан хирург Баиев Хьасан

0
Баиев Хьасан Нохчийчуьрчу могушаллин министраллан цIарах берийн мочхалан а, юьхьсибатан а коьртачу хирурган дарже ваьккхина. Могушаллин министраллан пресс-гIуллакххоша бо и хаам.


ДегIаца а, коьртачу декъана, юьхь тIехь сакхташ долчу берашна операцеш йо цо Iамеркера цIа а вирзина. Хирурго ша доккху ахча дерриг а санна хьажадо балхахь сагIадеш - мискачу бахархошна, къаьсттина, берашна дарба леладо цо маьхза.


Оьрсийчоьнан гIаланашкахула чекхволу иза чолакх кхуьучу берийн межеш дIатоеш. Тахана Нохчийчохь меттигерчу а, тIебаьхкинчу а дархошна лоьралла лелош ву цхьа хан хьалха Iамеркахь "Дуьненан Лор" цIе елла пластикан хирург Баиев Хьасан.


ХIирийн юкъаралхоша Нобелан совгIат дан хьакъ ву иза аьлла, хьалхатеттира иза дахначу шарахь.

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса