Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Кхаа шарахь гергга чохь латтийна нохчий маьрша бу

0
2014-чу шарахь Москохарчу орцан министраллан белхахошна Нохчийчуьрчу тобано тIелатар дина аьлла, долийначу гIуллакхна бехкебечу вежаршна ЦетиевгIарна Сайд-Мохьмадна а, Хьусайнна а, Ражапов Хьамидна а тIера бехк дIабаьккхина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Коьртачу талламан урхалло. "Коммерсанто" яздарехь, талламчаша тIечIагIдина, гIуллакх толлучу заманчохь СИЗО-хь кхо шо гергга хан яьккхина кегийрхой бехке бац аьлла. Бехк боцуш лаьцна латторна ЦетиевгIарна а, Ражаповна а компенсаци даккха Iалашо ю церан адвокатийн.


Маршо Радионо шен агIонашкахь дийцира, Ражапов а, вежарий ЦетиевгIар а 2014-чу шарахь дуьйнна бехк хьарчийна, чохь латтош хиларх. Талламо чIагIдора, Москохарчу Внуково кIоштахь цара орцанхошна йиттина хилар а, иштта бехкебора 8 стагна, уьш байа Iалашонца, кIело ярна а.


Адвокаташа кхааннан а алиби хилар чIагIдора, ишта инцидент хиллачу меттигехь видеокамераша дIа а яздинчо а гойтура уьш гунахь цахилар.


Стохка аьхка кхело гIуллакх прокуроре юха а луш, маьрша баьхнера кегийрхой, амма тахханалц аьтто ца белира адвокатийн царна дуьхьал долийна  гIуллакх дIакъовлийта.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса