Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Росгвардино Несарахь вийна Хашагульгов дIавоьллина Слепцовскехь

0
Несарахь "Ковчег" махбаран центрана хьалха вийна юкъарраллин жигархо 31 шо долу Хашагульгов Муслим дIавелла гергарчаьрга еарин дийнахь сахьт даьллачул тIаьхьа. Иза дIавоьллина Слепцовскерчу кешнашкахь.


"ФортангаORG" сайто яздарехь, Хашагульгов хехо болх беш вара "Ковчег" махбаран центрехь, юрист санна иза мехаза гIо деш вара меттигерчу бахархошна. Цуьнан дас Хашагульгов ТахIира дIахьедар дина, шен кIант политикана юкъагIерташ а вацара, цунна цхьаммо а кхерамаш а ца тийсинера аьлла, яздо Кавказский узело.


ГIалгIайчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонан секретаро Дзейтов Ахьмада бинчу хаамца, Росгвардин эскархоша Несарахь вийна шолгIаниг ву 1994-чу шарахь вина Ханиев фамили йолу жима стаг.


ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека омра дина, вийначу шина стеган гергара нах юкъа а озош, хилларг къастаде аьлла. Цо иштта Кхерамазаллин Кхеташо декхарелахь йина вийначу шина стеган декъий гергарчаьрга дIадала.  



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса