Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Москохара омра кхаччалц ша дарж дуьтур дац аьлла Евкуровс

0
Москохара омра ма кхеччи мехкан куьйгалхочун дарж дуьтур ду ша аьлла, дIахьедина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Махкахой лаам бара аьлла дIаволийа дац шен аьлла, тIе а тухуш.


"Со урхалле хIоттийна ах шо даьлчхьана схьахезаш ду суна хIара хабарш. Со болх беш ву, бийр болуш а ву. Пачхьалкхан президенто тоьар ду алахь, гIант мукъадоккхур ду ас. Бакъду, тIеIаткъам барца доьзна хир дац иза, соьца лелорийг шантаж ю, я и нийса а дац", -аьлла Евкуровс шоьтадийнахь Магасехь шен хиллачу пресс-конференцехь.


Кху шеран гурахь кхоалгIачу ханна ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хаьржина Евкуров Юнус-Бек. Халкъан депутаташа кхаьжнаш теснера цунна. ХIеттахь Евкуровс а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а куьйгаш яздира шина регионан дозанаш билгалдохуш. Цунна дуьхьал бевллачу гIалгIаша протестан акцеш йолийра республикехь, Евкуровна дарж дитар тIе а дожош.


Кху беттан 6-чохь Оьрсийчоьнан Конституцин кхело сацам тIеийцира, шина мехкан куьйгалхоша куьйгашяздар низамийн гурашкахь хилла ду аьлла.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса