Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2018

Нохчийн вежарех лаьцна видео ю ББС-н Оьрсийн сервисан сайта тIехь хьалхарчу меттехь

0
ББС-н (British Broadcasting Corporation) Оьрсийн сервисан сайта тIехь видеошна юкъахь уггаре а дукха нах хьажнарг ю нохчийн вежарех ДулатовгIерах лаьцнарг. Цуьнан цIе ю "Топ-модель по-чеченски: как братья Дулатовы покоряют мировые подиумы" (Нохчашкахула топ модел: дуьненера подиумаш муха дIалоцу вежарша ДулатовгIара)


Вежарий ДулатовгIар -  Джабраил, Сулумбек, Ислам, Тамерлан  - берfш долуш дIабигина дас-нанас Нохчийчуьра. Немцойн Дюссельдорфехь моделан бизнесехь болх беш бу уьш хIинца. Цара цхьаьна къахьоьгу дуьненера уггаре тоьллачу дизайнершца.


Маршо Радионо хьалхо дийцира цу веа вешех цхьаннах – Исламах лаьцна.


Парижехь божарийн духарш гойтучу модан барамехь уггар тIаьхьало йолчу моделийн тептаре ваьлла ву Дулатов Ислам


Шина кастинг-директоро Деркан Шеллис а (Loewe, Salvatore Ferragamo, Issey Miyake), Брокау Эшлис а (Vogue, Prada, Louis Vuitton, JW Anderson) гучудаьккхина шайн уггаре а керлачех бевллачу моделийн хIоттийна тептар. Цу юкъахь ву Дулатов Ислам а.


Ткъа вежарех уггаре воккхаха волу Джабраил (24 шо) кхиъна  Alexander McQueen, Diesel, Gucci кхин йолчу а брэндийн гайтамашкахь дакъалаца. 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса