Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2019

Нохчийчоьнна санна шайна декхар дитар доьху Оьрсийчоьнан регионашкарчу депутаташа

0
Оьрсийчоьнан цхьамогIа регионийн депутаташа прокуратуре кехаташ яздина, Нохчийчохь санна шайн бахархошна а газах гулделла декхар дитар доьхуш.


Цунах лаьцна хаам бо "Коммерсантъ" газето. Цу тайпа кехаташ яздина низамаш лардечу органашка Чувашехь а, Башкирехь а, Красноярскехь а, Астраханан а, Ростохан а, Курскан а, Свердлован а, Смоленскан а кIошташкахь.


И дехар дан бахьана даьлла Соьлж-ГIаларчу кхело "Газпром межрегионгаз" компани декхарелахь йиначул тIаьхьа, Нохчийчуьрчу бахархошна тIехь долу 9 миллиард сом декхар чоьтера дIадаккха.


Кхеле яьлларг прокуратура яра, декхар иштта а схьадаккхалур дац, ткъа и бахьана долуш Нохчийчохь бахархоша дуьхьалонан акцеш ян мега аьлла.


"Газпромо" дIахьедар дина, шаьш латкъам бийр бу Соьлж-ГIаларчу кхело бинчу сацамна аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса