Пенсхой "малончаш" а, "къаьркъанчаш" а бу аьлла депутат вохийна
КIоштарчу думехь депутата дина къамел карарчу беттан юьххьехь зорбане даккхарх ду дуьйцург. Регионерчу дахаран минимумах дуьйцучу заманчохь, депутато дIахьединера, "белхан мало ечара" а, "къаьркъанчаша" а 8 эзар сом пенси оьцу, уьш къен хилар церан шайн бехкенна ду аьлла.
