Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

Новости за 04.01.2021

«ФСБ-ра дIовшдалархой» а, шена «тIаьхьабелла» ФСБ-хой лелхийта воьлларг а

Radiomarsho.com 

"ФСБ-нера дIовшдалархой" дIасалеллачу хенаца догIу Кавказехь жигархой балар; Кубанехь тIай эккхийта кечлуш лаьцначо ша ФСБ кхеро воллура аьлла; cтаг вийна хиларх йолчу шеконца полисхо лаьцна Дагестанехь

Оьрсийчоь а, Европан кхел а

Radiomarsho.com 

"Iазапна дуьхьалоечу комитето" Нохчийчуьрчу Абдулмежидов Iабдул-Хьалиман цIарах арз дахьийтина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Цунна тIехь гIело латтийна полицино, амма талламхоша, шайга пхьоьазза дехча а, ца айдина бехктакхаман гIуллакх.

"ФСБ-нера дIовшдалархой" дIасалеллачу хенаца догIу Кавказехь жигархой балар

Radiomarsho.com 

Талламаш бечу Bellingcat-ан журналист Грозев Христо автор а волуш, баьржийначу хаамаша довзийтира муьлхачу хенахь, стенга бахана лелла оппозиционерна Навальный Алексейна тIекхачале "ФСБ-нера дIовшдалархой". Оцу хаамашна тIе а тевжаш, социалан машанашкарчу наха цхьаьнайоьзна буьйцучу ФСБ-н белхахойн Къилбаседа Кавказехула дIасалелла хан а, оцу регионехь халкъалара жигархой белла хан а, хьелаш а. Масала, Яблоко партин жигархо, журналист Куашев Тимур веллачу хенахь нисвелла цхьа "дIовшдалархо" Нальчикехь. Читать дальше...

Пандеми Къилбаседа Кавказехь: дийнахь-буса велла 29 стаг, цомгуш хилла 1200

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, 29 стаг, цамгар хааелла кхин а 1200 вахархочуьнца. Краснодар-махкахь кхелхина 15 пациент, Ставропол-махкахь - 6, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а - кхоккха, Адыгейхь – 2. Верриг а Къилбаседа Кавказехь велларг ву COVID-19 цамгарх 5 981 вахархо. Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а уьнах цомгуш хилларш: Ставропол-мохк + 246 (36 059) Краснодар-мохк + 187 (28 479)... Читать дальше...

Американ Конгрессан Векалийн чоьнан куьйгалхо хаьржина юха а демократ Пелоси Нэнси

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан векалийн чоьнан спикер, демократ Пелоси Нэнси юха а хир ю, президент а, вице-президент а дIаваьккхича, мехкан кхоалгIачу уггар лакхарчу даржехь. 80 шо долу политик юха а оцу дарже хаьржина Дечкен-беттан 3-хь, кIиранан дийнахь, керла хаьржинчу Конгрессан хьалхарчу белхан дийнахь, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Пелоси харжа реза хьулуш кхаж тесна 216 конгрессмено. Цуьнан оппонент волчу республикахочо Маккарти Кевина гулбина 208 кхаж, хаам бо "Немцойн тулгIе" зорбан гIирсо. Читать дальше...

Кубанехь тIай эккхийта кечлуш лаьцначо ша ФСБ кхеро воллура аьлла

Radiomarsho.com 

Байначу баттахь тIайна гергахь оьккху коьчал йитарна лаьцначу Славянск-на-Кубани гIалин вахархочо полицига аьлла, Петербургера баьхкина ФСБ-н белхахой кхеро воллура ша. Лаьцнарг гойтуш видео яржийна Baza телеграм-канало. Цу чохь цо боху, ФСБ шена тIаьхьаяьлла лела дуккха а хан ю. Керла шо тIекхачале лецира гIалин вахархо цIерпоштин Краснодар-махкарчу Староминская социйлехь, тIайна гергахь, оьккху коьчал йитина аьлла.

Стаг вийна хиларх йолчу шеконца полисхо лаьцна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Каспийск гIалин кхело 10 денна лаца магийна меттигера вахархо верах йолчу шеконца. Цкъачунна цунна бехке дуьллу шегарчу даржо лучу бакъонел соввалар. Кавказ.Реалиино хаийтина ма-хиллара, стаг вийна Дечкен-беттан 2-чу буса Каспийскерчу цхьана тIекIелдинчу цIенна хьалха. Дечкен-беттан 2-чохь полице хаам баийтина меттигерчу яхархочунна тIелетта аьлла. Схьакхаьчначу полисхочунна гина зудчунна етташ воллу стаг, буьйр дина цуьнга IадIан. Талламо бахарехь, важа лата гIоьртина полисхочух а. Полисхочо шегара тапча тоьхна цунна. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Карен Хачанов

Хачанов обыграл Баутиста-Агуту в третьем круге «Мастерса» в Мадриде






Дмитрий Песков: противники будут тестировать Россию на «слабо»

Нашёлся ещё один пострадавший от криминальных схем бывшего жениха Волочковой

Когда в 2024 году Страстная неделя, церковные и народные традиции на этот период

Кобелев назвал три клуба, которые претендуют на чемпионство в РПЛ