Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

Новости за 07.01.2021

Кадыровс "Мерседес" совгIат йина ММА-н латархочунна Чимаевна

Radiomarsho.com 

Швецерчу спортхочо Чимаев Хьамзата Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан карара схьаэцна "Мерседес" машенан догIанаш. "Спортан «Ахмат» клубан декаъшхошца цхьаьна оха тIеэцна иза Соьлжа-ГIалахь", - билгалдаьккхина Кадыровс. Цунна баркалла аьлла шен инстаграм-постехь Чимаевс а. Хьалхо а хилла ММА-н спортхо Нохчийчохь. Суьрташ ду даьхна, социалан машанашкахула лелаш, царна тIехь ницкъхойн духар а доьхна, автомат карахь ву Чимаев. Оьрсийчоьнан низамаша доьхку "пачхьалкхан васташ тIехь долу тIеман... Читать дальше...

Соьлжа-ГIала – диканиг, «уьрсийн тIом», юха а – стаг дIа ца воллийтарх

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIала дахаран хьелаш тоьлла долучу Оьрсийчоьнан гIаланийн могIарахь ю аьлла; юьртан гуламехь иккхинчу девнехь ши стаг вийна Дагестанехь; ницкъхоша вийначу шен майрачун дакъа дIадоьху ГIалгIайчуьрчу яхархочо

Ницкъхоша вийначу шен майрачун дакъа дIадоьху ГIалгIайчуьрчу яхархочо

Radiomarsho.com 

Лолохоева Мадина тоьлла кхелехь – ГIалгIайчохь Марсхьокху-баттахь ницкъхоша леринчу операцехь вийначу цуьнан майрачун дакъа цуьнга дIадоллийта магийна кхело. Амма иза цуьнга ца дайтина, яздо "Фортанга" сайто. Къепелатторан урхаллехь аьлла Лолохоевага, шайн карахь дац дакъа дIадалар. Зудчунна хетарехь, "прокуратура кхелан таллам бах а беш, галбаккха гIерта". Саралиев Мохьмад, Гадаборшев Аслангири, Лолохоев ИбрахIим вийра лерина операци дIахьош Обарги-Юьртахь (Троицкая). Байъинарш экстркемистийн ДАIИШ тобанера тIемалой бара... Читать дальше...

Соьлж-ГIалара тIелатар а, чIир кхайкхор а: шира Iадат политике дерзор

Radiomarsho.com 

Байначу беттан 28-чохь Соьлж-ГIалахь доккха зулам хилира. Официалан версица, ППС-н белхахочунна Джабраилов Мохьмадна тIелеттера ши ваша. Цара йинчу уьрсан чевнех велира полисхо, ткъа цуьнан белхан накъост дарбан цIийне вадийра. Оцу меттигехь вийра шала вина ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусайн а. Церан карах велла полисхо схьаваьллачу Дишнийн тайпано чIир кхайкхийра СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а тукхамашна. Кавказ.Реалиица къамел динчара дийцира, кавказхойн шира Iадат хIокху гIуллакхехь политикехьа дерзарх. Читать дальше...

Юьртан гуламехь иккхинчу девнехь ши стаг вийна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дов иккхина Дагестанерчу Тарки юьртан гуламехь, цкъачунна болчу хаамца, вийна ши стаг. Дечкен-беттан 6-чохь шайн юьртара наркотикашна духьалоечу боламан жигархо Абдурагимов Вали верца доьзна гуламе хIиттина бахархой – дIадахначу кIирандийнахь вийна хилла иза. Уьрсаш а детташ, вовшахлетта гуламехь кегийрхой, шинна еза чов а еш. И шиъ велла. Белларш бу спортехь охьатохарх латархой Хайрулаев Керим а, Амиров Рамазан а.

Трампан агIончаш хьаьлхина Конгрессан цIа чу

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь хиллачу харжамийн жамIашна резабоцу Дональд Трампехьа агIончаш гулбелира Вашингтонехь селхана, Дечкен-беттан 6-чохь Капитолин Барзехь. Митинг йирзича цхьаболу гуламхой хьаьлхира шен болх дIахьош Iачу Конгрессан цIенна чу. Шина а палатин декъашхой бу кху муьрехь харжамийн жамI къастош.

Соьлжа-ГIала дахаран хьелаш тоьлла долучу Оьрсийчоьнан гIаланийн могIарахь ю аьлла

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан гIедалан Финансийн Университето бинчу талламо къастийна 250 эзар сов адам дехачу г  Iаланашкара дахаран хьелаш. Къилбаседа Кавказан федералан урхаллехь йолчу г  Iаланашлахьтоьлла лору рейтинго Соьлжа-ГIала, Сочи, БуьритIе. Соьлжа-ГIала ю кхоалгIачу меттехь, Москвал, Петербургал тIаьхьа, яздо "Московский комсомолец" газето. Талламе диллина хилла гIаланийн бахархошна хетарг, экспертийн зераш: могашалла Iалашъяр, дешар, социалан хьелаш, бизнесан аьттонаш.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова проиграла Фернандес во втором круге турнира WTA в Мадриде






Подмосковный фонд «Подари подарок» запустил проект «Путь волонтера»

Треть опрошенных россиян регулярно делятся с пожилыми родственниками советами по финансовой грамотности

РПЦ начинает строить храм на Новой Земле рядом с ядерными полигонами

Школьники из Одинцова примут участие в акции «Летопись сердец»