Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

Новости за 25.01.2021

Британига Закаев схьавехар, ФСБ-на тIелата Iалашо кхабар, Делимхановн кхайкхам

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалхошка дехар дина нохчийн цIарах Думерчу депутато, Британига Закаев схьавеха аьлла; Бютукаевн гIаттамхой ФСБ-на тIелата дагахь хилла, боху; Москварчу акцехь омонхошна дуьхьал летта жимстаг лоьху Делимхановс

Полици: Соьлж-ГIаларчу ФСБ-н гIишлона тIелата Iалашо хиллера Бютукаевн тобанан

Radiomarsho.com 

Карарчу беттан 20-чохь Нохчийчохь дIахьочу леринчу операцехь байъина гIаттамхой Соьлж-ГIаларчу  къайлахчу сервисийн (ФСБ) гIишлона тIелатар дан кечлуш хилла. Кадыров Ахьмадан цIарахчу леринчу полицин полкан командиро Чалаев Замида дина оцу кепара дIахьедар. "Операци дIаяьхьначу меттигехь церан йозанаш карийна тхуна, Бютукаев Асланан тIоьрмиг чохь. Цу тIехь билгалдаккхарца, ФСБ-н гIишлона тIелата Iалашо хилла церан", - аьлла цо журналисташка. Иштта Чалаевс дийцарехь, Бютукаевн тоба лечкъина Iийначу... Читать дальше...

"Цуьнан проблемаш ерзор ю ца аьлла цо". Делимхановс аьллачух комментари йитина Селимхановс

Radiomarsho.com 

Дахначу шоьтадийнахь Iедалхошкара бакъо йоцуш Москвахь хIоттийначу митингехь летарна полицино лоьхучу жимчу стагна "шайга далун гIо дийр ду" бохург дара. Нохчийчоьнана цIарах Пачхьалкхан Думан депутат волчу Селимханов Мохьмада иштта комментари йитина шен коллегас Делимханов Адама, "Iедалца долчунна гIо дийр ду" Кадыров Рамзана аларх лаьцна. "Цуьнан проблемаш ерзор ю ца аьлла цо. Массо а агIор накъосталла дийр ду аьллера. "Iедалхоша гIо дийр ду" а, "проблема ерзор ю" а бохург тайп-тайпана маьIна долуш ду, дуй? Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь велла уьнах 26 дархо. Вирус кхетта 1 022 стагана

Radiomarsho.com 

Т1аьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 26 пациент, ун къаьстина кхин а 1 022 стагаца. Оперативан штабан информацица, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 19 стаг, ГIебарта-Балкхаройчохь – кхоъ, ГIалмакхойчохь – шиъ, Дагестанехь – цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла 6 709 дархо. Къаьсттина дукха бу уьн даьлларш Ставрополан кIоштахь – 237 стаг. Ставрополан мохк + 237 (41 090 ву ун даьржичхьана) Краснодаран кIошт+ 198... Читать дальше...

Британига схьавоьху нохчийн Iедалхоша Закаев Ахьмад

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга а, Инарла прокуроре Краснов Игоре а дехар дина пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила, нохчийн оппозицин политик Закаев Ахьмад Британига схьавеха аьлла. Ялх гIаттамхо а вуьйш, тIаьххьарчу леринчу операцех лаьцна цо дина къамелаш бахьана долуш ду и дехар, Саралиевс бахарехь. Закаевс кадам бира байъинчийн гергарчаьрга, уьш "къоман турпалхой" бу аьлла, билгалдоккхуш.   "Карарчу хенахь Британехь вехаш ву террорхо Закаев Ахьмад... Читать дальше...

Навальныйгахьа хиллачу акцехь полисхойх леттачу нохчийн кIанте шайна тIевола, боху Делимхановс

Radiomarsho.com 

Оппозиционер Навальный Алексей набахтера арахецарехьа дахначу шоьтан дийнахь хиллачу акцехь дакъалаьцначу нохчийн кIантана гIо дийр ду ша аьлла Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан Думан депутат волчу Делимханов Адама, нагахь санна, шен политикан позицина иза юкъарвалахь. "Нагахь санна, ахь церан позици тIеэцахь, цхьаннах а ида а ца уьдуш, царна тIаьхьа дIаваха веза хьо. Тхуна хаьа хьуна а, хьоьца болчарна а хIун дан деза. Нагахь санна, хьо церан хьежамашца вацахь, Рамзан-Хьаьжас, вайн паччахьо аьлла... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублёв стал победителем «Мастерса» в Мадриде






Новая тактика ведения боя: Россияне теперь используют «танки-черепахи» группами

Покататься на самокате и сдать нормы ГТО можно будет на фестивале «Московская весна»

В Москве американец разбил окно и проник в детскую библиотеку

Ряд улиц перекроют в центре Москвы из-за инаугурации президента