Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2021

Новости за 15.11.2021

Парламентан исс депутата мацалла хьегар кхайкхийна Гуьржийчохь

Radiomarsho.com 

"Цхьааллин къоман болам" оппозицин партин цIарах волчу 9 депутата мацалла хьегар кхайкхийна кIиранан дийнахь, Лахьан-беттан 14-хь Гуьржийчохь, хиллачу президентана Саакашвили Михаилна гIортор еш. Цунах лаьцна хам бо "Новости-Грузия" агенталло. Депутаташ дагахь бу мацала хьегар парламентан гIишлонехь. "Цхьааллин къоман болам" партин офисехь оцу акцех дIакхетта оцу партин лидерех цхьаъ волу Барамидзе Георгий. Кхин цхьа депутат, "Дроа" партин лидер Хоштария Елене, мацалла хьоьгуш ю Лахьан-беттан 3-хь дуьйна. Читать дальше...

Нурмагомедовн шича чохь волу машен полисхочун тIекхетар

Radiomarsho.com 

Нурмагомедов Хьабибан шичина пхи шо хан тоха мегаш ю, Каспийскехь полисхочун тIе машен тохарна. Болчу хаамца, Iусман шен доттагIца Москва йоьду рейсан тIекхиа сихвелла воьдуш хилла иза, ткъа иза сацо гIоьртинчу полисхочун тIекхетта машен

"Мемориална" тIехIиттина Оьрсийчуьра академикаш а, "Ельцин-центр" а

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iилманан академин академикаш а, кхиболу бевзаш болу Iилманчаш а - "1 июля" клубан декъашхоша - кхайкхам бина "шаьш тIехIиттина хилар хоуьйтуш Оьрсийчоьнан Iедалш дIакъовла дагахь долчу "Дуьненаюкъара Мемориална" а,"Мемориал" бакъонашларйон центрна а. И шиа вовшахтохаралла юкъатоьхна ю НКО-"иноагентоаш" реестрна, и шиъ бехке еш ю "арахьарчу агентех" низам дохорна. Иттаннаш Iилманчаша, шайна юкъахь 20 гергга академик а волуш, бинчу кхайкхамехь шаьш дуьхьал хилар хаийтина "кхоьллинчух бахьана а дина... Читать дальше...

Боккха эшам хуьлуш лаьтта Къилбаседа Кавказна. Бакъонашларъярхой: Iедал "Мемориал" дIакъовла гIерта

Radiomarsho.com 

Бакъоларъярхойн "Дуьненаюкъара мемориал" а, Оьрсийчоьно арахьарчу агентийн реестре язйина йолу "Мемориал" центр а дIакъовла тарло Инарла прокуратурин лаамца – Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле и дехар хьажийна деношкахь. Кхел йийр ю Лахьан-беттан 25-чохь. Оццу хьокъехь Москварчу прокуратуро арз чуделла Москва гIалин кхеле а. Шайна бакъоларъярхойн юкъараллаш дIакъовла лаар низамна тIехьожучара дузу цара экстремизм, терроризм "бакъеш хиларца". Хьехораш бу Иегован Тешаш (Свидетелях Иеговы) а, "Артподготовка" тобан декъашхой а... Читать дальше...

Нохчийчуьра схьаваьлла ши стаг бехке вина Польшехь къайлаха миграци вовшахтохарна

Radiomarsho.com 

Польшин Катовице гIаларчу Къоман прокуратуран коррупцица а, цхьаьнакхеттачу зуламхойн тобанашца а къийсам латточу Силезин декъо бехке вина бакъо йоцуш шайн махкахь вехаш хилла Нохчийчуьра схьаваьлла ши стаг, къайлаха миграци вовшахтохарна. Официалан хамца догIуш ма хиллара, цаьршимма Украинин махкахочуьнца цхьаьна доза хадор кечдина хилла Гергарчу Малхбалера схьабевллачу нахана, царна Польшехула Германе транзит а еш, хаам бо Катовице гIаларчу порокуратуран зорбан сервсисо. Оцу нехан цIераш йохуш яц. Читать дальше...

The Mirror: 600 Британин эскархо кийча ву Украинерчу миссина

Radiomarsho.com 

Британехь вовшахтоьхна хуьлучунна каде реакци яран Оьрсийчоь тIелата магара аьлла кхерам хилахь Украине хьажо мегаш йолу 600 эскархочух лаьтта тоба. Иза чагIдо, шен хьастанашна тIе а тевжаш, британхойн The Mirror таблоида. Официалан кепара и информаци тIечIагIйина яц.    Британерчу газето яздарехь, хила мегачу Украине бахийтарна кечамбан буьйлабелла эскархой , тIеман министраллан а, Ми-6 талламан сервисан а куьйгалхоша премьер-министре дIахаийтинчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан президентера Путин Владимирера карарчу хенахь Украинин а... Читать дальше...

Оьрсийчохь зIенах дIахадо мега милионаш корпоративан номерш

Radiomarsho.com 

ГIура-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийохь зIенах дIадо мегаш ю ах сов корпоративан мобилан телефонийн номерш, "сирачу" сим-картанех лаьцна низам дохорна. Цунах лаьцна хаам бо "Коммерсантъ" газето, эксперташна а, зIенан оператошна а тIе а тевжаш.    Mobile Research Group талламан тобано бинчу хаамца, Оьрсийчохь лелош ду 32 миллион гергга корпоративан сим-карта. "ЗIенах лаьцна" нимзамна тIехь динчу нисдаршца а догIуш, корпоративан клиентийн декхар ду сим-картанаш лелочу белхахойх лаьцна хаамаш чуязбан... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Свентек выиграла титул WTA в Мадриде






В Тульской области начальница поезда хотела дать взятку проверяющим

Майский снегопад: москвичей призвали одеваться потеплее на 9 Мая

В Москве американец разбил окно и проник в детскую библиотеку

«Зачем я его прощала?». Якутянка, которой бывший отрезал ухо и нос, рассказала про злополучное утро и планы на будущее