Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2021

Новости за 25.11.2021

"ЦIена нохчийн цIий". ХIун дуьйцу керлачу низаман проектан Нохчийчуьрчу авторша?

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламенто лаам къадийна Пачхьалкхан Думехь, зулам дина стаг хьахош, иза схьаваьлла къам довзийтар дехка деза, аьлла. Республикерчу Iедалхошна хетарехь, оцо цим тосу къаьмнашна юкъа. Нохчийн парламентареша чIагIдарехь, къомах я динах дозуш дац стага дина зулам. Делахь а, Нохчийчуьрчу Iедалхоша шаьш кест-кеста хьхадо шайн оппонентийн къам, я дозаллица билгалдоккху шайн цIий цIена хилар. Ишта масалш дагадохкуьйту Кавказ.Реалиино. 2019 шарахь Нохчийчоьнан министрийн кабинетан цхьана кхеташонехь... Читать дальше...

Ичкерин заманахь бархI эвла дIалуш бина барт бохор бу аьлла, кхерамаш тесна ГIалгIайчоьнна Кадыровс

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, нагахь санна, 2018-чу шарахь дозанаш къастош демаркаци ярх претензеш ечуьра гIалгIайн жигархой ца совцахь, ша Оьрсийчоьнан Iедалхошка дехар дийр ду, къобал ца йинчу Ичкерин заманахь бархI эвла дIалуш бина сацам юхабаккха аьлла. "Оха динчунна шу реза дацахь, пачхьалкхан куьйгалле дехар дийр ду оха, нийса сацам бахьара аьлла... ТIаккха тхуна юхаерзор ю тхан бархI эвла", - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо "ВКонтактерчу" шен агIонехь. Читать дальше...

ФСИН-н куьйгалхо дIаваьккхина Путина

Radiomarsho.com 

ТаIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) куьйгалхо Калашников Александр дажржах мукъаваьккхина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цунах лаьцна омра Кремлан сайтехь зорбане даьккхина. ДIаваккхаран бахьанаш ца дуьйцу. ФСИН-н керла хьаькам ву Гостев Аркадий, хьалха чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс лаьттина волу. Колонешкахь а, ФСИН-н кхечу хьукматашкахь а тутмакхаш хьийзийна, царна тIехь Iазапаш, къизаллаш лелош гойту иттаннаш видеош тIаьххьарчу кIиранашкахь Гулагу.нет проектан бакъонашларъярхоша зорбане ехира. Читать дальше...

Магаданан кIоштахь ахчанаш дохуш хилла аьлла, лаьцна ГIалгIайчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Бакъоларъяран органаша Магаданан кIоштахь лаьцна ГIалгIайчуьра вахархо Алтемиров Султан. Официалан хаамашца, федералан лехамашкахь хилла иза нуьцкъаша ахчанаш дахарна, хаамбо "ОПЕР Слил" телеграм-канало. Талламна тарделла, бехкехетарг лелаш хилла, ГIалгIайчохь болх бечу батIалхьажойн вежаралла олучу тобанан интересашкахь аьлла, церан жигара декъашхо хилла иза ша а. Карарчу хенахь Алтемировна дIасавалар доьхкуш барамаш бу дIахьош, иза даймахка дIа а хьажош. БатIалхьаьжойн вежараллина юкъахь ву 20 эзар гергга стаг. Читать дальше...

Иттаннашкахь божарийн мажош яьшна Узбекистанехь милицин белхахоша

Radiomarsho.com 

Узбекистанерчу Ташкентан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша иттаннашкахь  тIекхайкхинчу божарийн мажош дIаяьшна бертаза. Узбекийн Азаттык Радионо бина и хаам. Милици тIекхайкхинчух цхьаммо, Холматов Икрама дийцина, гIалин милицин декъе ша Лахьан-беттан 22-чохь вигинера "лоьхуш йолчу цхьана зудчун хьокъехь" хеттарш дан аьлла. Цуьнан телефон зийна, цул тIаьхьа суьрташ даха буьйлабеллера. "ТIаккха дIахьедира соьга: "Нагахь санна, айхьа маж ца яшахь, оха тхаьш дIайошур ю". Уьш кхето гIоьртира со... Читать дальше...

Махкара дIавахначу журналистан 80 шо долчу нене барт хаьттина Талламан комитето

Radiomarsho.com 

Ши шо хьалха Гуьржийчу дIавахначу Ростоврчу журналистан Резник Сергейн доьзалан хIусамех хьоьвсина бакъоларъяран органийн белхахой. 80 шо долчу ненера а, кхиазхо-кIантера а компьютер а, мобилан телефонаш схьаяьхна. Адвокат цхьаьна а воцуш хеттарш дина хилла цаьрга. Свобода Радион корреспонденто бина и хаам. Доьзалехь талламаш бечу заманчохь гIоьртина хилла, Резника дийцарехь, цуьнца дина йозанаш карон. Iаткъамбар дузу цо ша бечу балхаца. Оьрсийчоьнан къилбехь а, иштта полицехь а, ФСБ-хь а йолчу... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Свентек выиграла титул WTA в Мадриде






10 спектаклей, которые стоит посмотреть в Москве до конца сезона

Почтовую марку в честь инаугурации Путина начали продавать в Москве

Последствия новых правил уже ощущаются: импорт новых автомобилей в Россию рухнул на треть

Семья из Орехово-Зуева отправилась в тур по России на фургоне