Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2021

Новости за 20.11.2021

Мацалла хьегар сацор ду ша, аьлла Саакашвилис

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан хилла президент Саакашвили Михаил набахтин дарбан хIусамера дехьаваьккхина Гори гIаларчу тIеман госпитале, цигахь цо дош делла мацаллахь хьегар сацор ду ша аьлла. "Рустави 2" телеканало хаам барехь, Саакашвили дIакхачийна тIеман госпитале реанимобилана тIехь, цуьнца ю цуьнан нана а, цуьнан адвокаташ а, цуьнан дарба лело лор а.    Саакавили Михаил лецира Гуьржийчохь ГIадужу-беттан 1-хь, тIаьххьарчу 8 шарахь дуьххьара иза шен даймахка цIавеъча, дуьхьал а воцуш, шина бехктакхаман гIуллакхехула шозза чуволла кхел йинчу. Читать дальше...

Американ таллам: Оьрсийчоь тIеман операци кечйеш хила мега Украинина дуьхьал

Radiomarsho.com 

Американ талламан сервисаша дIахаийтина шайн НАТО-рчу бертахошка, Малхбузерчу пачхьалкхашна дукха кIезиг хан йисна хилар, Украинина дуьхьал Оьрсийчоьно тIеман акци йолор юхатоха, хаам бина пIераскана дийнахь New York Times газето. Джо Байденан администрацерчу газетен хьастанаша дийцарехь, Кремло цкъачунна сацам банза бу, оьрсийн-украинахойн дозане тIеоьзначу эскарех пайда эцаран хьокъехь, амма церан терахьо а, герзийн хIоттамо а вуно сингаттам айина Оьрсийчоьнан куьйгалла дан гIертарг хьокхехь. Читать дальше...

Немцойн ПЕН-центран совгIат делла Брежна Иренина. Нохчийчохь 1-ра тIом боьдуш хуьлург дуьйцуш яра иза

Radiomarsho.com 

Швейцарехь еха словакийн къомах йолу яздархо Брежна Ирена лауреат хIоьттина хьийзош болчу яздархошна вуно чIогIа гIортор еш къахьегарна немцойн ПЕН-центро (ПЕН-клуб ю яздархойн а, поэтийн а, журналистийн а дуьненаюкъара бакъонашларйон вовшахтохаралла), хIора шарахь луш долчу Кестен Германан цIарах долчу лоручу литературан совгIатан. Жюрино бинчу сацамехь билгалдоккхуш ду, Брежна шен дахарехь даима а кIад цалуш болх беш хилар бакъо а, маршо а толийта, цо аьтто бина хилар дош ала хьийзош болчу Малхбалера Европерчу диссиденташна. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

На кураже: Рублёв пробился в финал «Мастерса» в Мадриде, Медведев снялся из-за травмы






СЕНТКОМ: американские военные уничтожили беспилотник хуситов над Красным морем

"Работа.ру": россияне хотели бы зарабатывать от 140 тысяч рублей в месяц

В Госдуме хотят провести шашлычную амнистию

Эксперт Стариков объяснил, зачем Германия дважды капитулировала в 1945 году