Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Iайшина йиттинчу зудчуьнга бехккховдийна талламхочо

0
Оьрсийчоьнан талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхаллан белхахочо бехккховдийна 35 шо долчу Ганиева Макке, цо 7 шо долчу шен вешин йоIан Ажигова Iайшин могашалла вуно талхорна.


"Таллам беш гучудаьлла, 2018-чу шеран Лахьан баттахь дуьйна 2019-чу шеран Товбеца-беттан 3-хь дийне кхаччалц ГIалгIайчуьрчу Соьлжахь ехачу Ганиевас хаддаза доьхка а, маршан кийсаг а йиттина хилар йоIан коьртах а, дегIах а", - аьлла ду Талламан комитетан хаамехь.


Маршо Радионо хьалха дийцина ма хиллара, Товбецан-беттан 4-чохь Москох дарбанан клинике ГIалгIайчуьра дIакхачийра дегIа тIехь дуккха а чевнаш йолу 7 шо долу йоI. Цуьнца доьзна бехктакхаман гIуллакх долийнера Талламан комитето.


ТIеххьара болчу хаамца, Iайшин хьал дикачу агIор дирзинехь а, цуьнан куьйгашкахула цIий леларца боьзна хийцамаш бац цкъачунна.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса