Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 8 стаг

0
COVID-19 ун коронавирусах Къилбаседа Кавказерчу бахархошлахь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла бархI стаг.


Падемина духьалоечу Оперативан штабан хаамца, уггаре дукха бу белларш ГIалгIайчохь – 4 стаг. Дагестанехь 2 велла, Ставропол-махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – цхьацца.


Къилбаседа Кавказан массо а регионашна юкъара долчу терахьца, коронавирусах, иза яржа йоьлчхьана схьа велларг ву 40 вахархо.



Оьрсийчоьнан дукхахйолчу регионашкахь Зазадоккху-беттан тIаьххьарчу деношкахь а, Охан-баттахь а юкъаяьккхина карантин. Карара бут баллалц лаьттар ду мукъаденош, къевлина ю яккхий туьканаш, адам алссам гуллуш йолу меттигаш.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса