Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

Къилбаседа Кавказехь ковидах велла 40 дархо. Вирус кхетта 1 166 стагана

0
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхина 40 пациент, ун даьлла кхин а 1 166 стагана.


Инфекци ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла  COVID-19 вирусах 15 дархо, Ставрополан махкахь - ворхI, Дагестанехь - ялх, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а велла кхоккха стаг, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалмакхойчохь а велла шишша, Нохчийчохь а, Адыгейхь а цхьацца.


Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана кхелхина уьнах 6 271 пациент, 


ТIаьххьарчу дийнахь-буса динчу зерашца, къаьсттина дукха бу COVID-19 вирус кхетта нах Ставрополан махкахь - 239 стаг.


Ставрополан мохк+ 239 (38 230 ву эпидеми яьржичхьана)

Краснодаран кIошт + 197 (30 183)

Дагестан + 159 (25 520)

ГIебарта-Балкхаройчоь+ 97 (17 105)

ГIалмакхойчоь + 93 (15 973)

Къилбаседа ХIирийчоь+ 82 (13 095)

Нохчийчоь+ 80 (98 91)

Кхарачой-Чергазийчоь+ 80 (16 220)

Адыгей + 72 (12 008)

ГIалгIайчоь + 67 (13 058)


Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун ловш ву 191 283 вахархо. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь ву COVID-19 вирус кхетта 3 471 053 стаг.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса