Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

"Хьаьжа юккъе тоьхна вуьйр ву". Кадыров Рамзана кхерамаш туьйсу Закаев Ахьмадна

0
Политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам тесна Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочун видео ю цо пайдаоьцучу инстаграм-агIонехь.


Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла.


"Хьо сихха цIавола, ас тоьли чу хаор ву хьо. Я хье юккъе герз тоьхна вуьйр ву, чIир сайна тIе а оьцуш. Со кийча ву и чIир Далла а, халкъана а хьалха тIеэца", - дIахьедо Кадыровс.


Кадровна улле хиъна ву йоьдучу машена чохь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкан буьйранча Чалаев Замид – цо куьйгалла а деш дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна де хьалха ялх тIемало, амирца Бютукаев Асланца цхьаьна.




 


Кадыровна, цуьнан къамело гайтарехь, ца тайна Бютукаев а, цуьнан тоба а кхалхарца доьзна Закаев Ахьмада дина къамел. Махкал арахьа вехачу Ичкерин векало кадамбира байъинчийн гергарчаьрга, "къоман турпалхой" бу элира кхелхинарш.



Дечкен-беттан 20-чохь Соьлжа-ГIалина 30 километр юьстах йолчу Котар-Юьртанна гергахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна амир Бютукаев а, цуьнца хилла 6 стаг а. Президентан Масхадов Асланан гонехь тIемаш бина а, хенан йохалла Ичкерин дуьхьалонан ницкъийн коьрте хIоьттина а стаг вара Бютукаев.
Закаев Ахьмад – вевзаш волу нохчийн политик, карарчу хенахь веха Британехь. Дозанал арахьа Нохчийчоьнан Ичкерин Iедалан хьалханча лору иза нохчийн цхьана декъо.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса