Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Хьабиб "UFC-н проект" ю, "Ахматан" векалца иза летарг цо доьхху ахча ло ша, боху Кадыровс

0
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Дагестанерчу спортхочуьнга Нурмагомедов Хьабибе, ша "муьлхха а гонорар" охьайилла кийча ву, иза "Ахмат" клубан векалца латахь, аьлла. И къамел цо дина шен инстаграмехь.


"Цо UFC чохь массо а эшийна, эшор вуй-те "Ахматехь" – иза хаттар ду. Со кхийча ву муьлхха а йозаллера спортхо дуьхьалхIотто, муьлхха а гонорар яла. Мел дезза ахча дала кийча ву со… UFC-но лучул дукха ахча дала кийча ву, нагахь санна иза "Ахматна" дуьхьал латахь, хьовсур вай мила тоьлу", – дIахьедина Кадыровс.




Нурмагомедов Хьабиб "дика спортхо" ву, амма иза "UFC-н проект" ю, Оьрсийчоьнан я Дагестанан байракхна кIел хIоьттина цкъа а ца летта иза, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.



2020-чу шеран ГIадужу-беттан 24-чохь Нурмагомедов Хьабиба эшийра америкахо Гэтжи Джастин. Оцу толамо массо а дегIан йозаллин категорешлахь UFC-н тоьлла латархочун цIе кхачийра цунна. Оццу хенахь дIахьедира Хьабиба ша спорт юьтуш хилар.
Кхушеран Зазадоккху-баттахь Хабиб, цо шен карьера ерзорца доьзна, ваьккхина UFC-н массо а рейтингашкара.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса