Транспорта тIехь а, туьканашкахь а, ресторанашкахь а QR-кодех пайдаэцийта Думе низаман проекташ кховдийна
Пачхьалкхан думе низаман пректаш кховдийна Оьрсийчоьнан куьйгалло, нахана юкъахь а, цхьайолчу юкъарчу транспорта тIехь а QR-кодех пайдаэцийта. Куьйгаллин сайта тIехь бина цунах лаьцна хаам.
Хьалхарчу низаман проектаца тарло, нах вовшахбетташ, дIахьочу барамашка а, синбахамаллин хьукматашка а, ресторанашка, кафешка а, йохка-эцаран туьканашка а лела бакъо ю бахархойн, прививка йина хиларх QR-код дIа а гойтуш, лоьраша вакцина ян цамагоран кехат-тоьшалла гойтуш, йа коронавирус текхна ву аьлла, чIагIден документ карахь долуш.
Чиллан-беттан 1-чу дийне кхаччалц билгалъяьхначу меттигашка ваха оьшу документаш стагехь дацахь, вирус яц аьлла, ПЦР-тест гайта оьшур ду. Цул тIаьхьа оцу тайпа бакъо хир ю вакцина магийна цахиларх лоьраша делла кехат долчу бахархойн.
QR-кодех пайдаэцарх а, уьш оьшучу объектийн ларам тIеоьцур бу регионашкарчу Iедалша. Низаман ламасташ лелар ду 2022-чу шеран Мангал-беттан 1-чу дийне кхаччалц.
ШолгIачу низаман проектехь билгалдина ду прививка ярх QR-код, лоьраша прививка ян цамагор, йа коронавирус текхна ву аьлла, тIечIагIдар оьшург хилар цIерпошташца а, кеманашца а дIасавоьдуш, я дуьненаюкъарчу дIасалеларшкахь. Iедалхоша терахь билгалдаккхалц, дуьйцу кехаташ доцучара коронавирус цахиларх ПЦР-тест гайтича тоаме хир ду. И низамаш хьакхалур ду арахьарчу пачхьалкхийн бахархойх а.
Коронавирусан инфекци йолу нах алсамбовларца Санкт-Петербургехь Лахьан-беттан 1-чу дийнера схьа дуьйна нах гуллучу меттигашкахь юкъаяьхна QR-кодаш. Цул совнах, Лахьан-беттан 15-чу дийнера дуьйна QR-кодаш гайта оьшур ду фитнес-центрашкахь а, бассейнашкахь а, театрашкахь а, концертан залашкахь а, кинотеатрашкахь а, музейшкахь а, суьртийн гайтамашкахь а, ткъа Дечкен-беттан 1-чу дийнера дуьйна кафешкахь а, ресторанашкахь а цхьаьна.
Татарстанехь бахархой юкъарчу транспорта тIе буьтур бу коронавирусна дуьхьал вакцинаци яйтарх сертификатийн QR-кодашца.
Лахьан-беттан 12-чу дийнахь долчу хьелашца, COVID-19 вирусна дуьхьал къийсам латточу федералан оперативан штабан информацица, пандеми яьржичхьана билгалваьлла 8 992 595 коронавиурс кхетта стаг. Кхелхина лоруш ву 252 926 дархо.