Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Титиевн латкъам луьстур бу кхело Стигалкъекъа-беттан 4-чохь

0

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелехь еарин дийнахь листа безаш бара Титиев Аюбан гIуллакхехула суьдо бинчу сацамна цуьнан гIо лоцучу агIоно бина латкъам. Амма иза таьхьатеттира кхело цхьана денна. Бахаьана дара Титиевн адвокатех цхьаъ волу Новиков Илья кхелан кхеташонехь ца хилар. Титиевн адвокаташа динчу дIахьедарца, аппеляци хьокъехь кхеташо маца хир ю шен хеннахь хаийтина ца хилла цаьрга. Цу гIуллакхо Титиевн бакъонаш йохайо, аьлла хета адвокаташна. Кхело бинчу сацамца, Титиевн латкъам луьстур бу пIерасканан дийнахь.

"Мемориало" политикан тутмакх лоруш ву наркотикаш лелийна аьлла, бехке а вина, лаьцна волу бакъонашларъярхо Титиев Аюб.


Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса