Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2018

Оьрсийчоьнан 3 эпсар вийначу стагана кхел йийр ю Нохчийчохь

0
Нохчийчохь бехктакхаман гIуллакх таллар дIадерзийна 38 шо долчу меттигерчу вахархочунна Бекмурзаев Русамбекана дуьхьал долийна хилла. Иза бехке веш ву 2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан ши эскархо а, федералан кхерамазаллин сервисан эпсар а верна. Цунах лаьцна яздо "Регнум" агенталло, Оьрсийчоьнан талламан комитетан урхалло бинчу хаамна тIе а тевжаш.


Цуьнца а догIуш, 2000-чу шарахь ГIадужу-беттан 8-чу дийнахь Бекмурзаевс Хьалха-Мартанарчу базарахь, улле тIе а вахана, герз тоьхна вийна кхо эпсар - ши эскархо а, ФСБ-н белхахо а. Церан герз а эцна, дIавахана иза базарара.


Бекмурзаев лецира 2017-чу шарахь. Цу хенахь иза болх беш вара такси тIехь.

Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса