Астана гIалин цIе хийца дуьхьал берш дIалецна полицино
Еарин Iуьйранна иттех стаг гулвеллера Астанан мэрина хьалхарчу майданахь, гIалин цIе хуьйцуш, Iедалхоша бинчу сацамна шаьш дуьхьал хиларх дIакхайкхо Iалашонца. Берриш а бохург санна, дIалийцира уьш полицино, митингхошна а, цIе хийца резаболчарна а юкъахь конфликт иккхича.
Кхааридийнахь машанашкахь ши петици гучуелира, халкъаца дага а ца бовлуш, Астанан гIалин цIе Нурсултан тилла дуьхьал болчара зорбане яьккхина. 30 эзар стага куьйгъяздина цхьана петицина.
Астанах Нурсултан гIала ян таро луш Конституцехь хийцамаш байта тIетайра кхааридийнахь Казахстанан парламент а. Президенто куьйгъяздичхьана кийча ду документ.
Шинаридийнахь Казахстанан президенто Назарбаев Нурсултана дIакхайкхийра, ша пачхьалкхан урхалхочун декхарш охьадахкарх. Цуьнан метта ханна президент хIоьттинчу Сенатан куьйгалхо лаьттинчу Токаев Касым-Жомарта инициатива кховдийра, Астанан цIе Нурсултан аьлла, хуьйцуш.
Казахстанан коьрта шахьарх Нурсултан ала догIу, хIунда аьлча, Назарбаев "цхьаъ бен воцу, велла дIаваллалц къоман лидер вуьсур волуш ву" аьлла, дIахьедира Косумовс.
