Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2020
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 14.09.2020

IАДАТАН модераторна "йогIуш" йина боху кхел, ткъа блогеран нах стенна бигина?

Radiomarsho.com 

Тепсуркаевна догIуш дина таIзар ду; ткъа Закаевн вистхила юьхь а яц, боху нохчийн муфтис; Венерчу Кадыровн критикан нах бигина хилла Iедалхоша; Шемара далийначу берашна гергара нах карийна

Къилбаседа Кавказерчу мигранташна депортацеш ярна дуьхьал акци хилла Парижехь

Radiomarsho.com 

«Нохчий а, гIалгIий а, дагестанхой а Оьрсийчу цIахьежорна дуьхьал» цIе йолу Францехь тховкIело еллачу кавказхошна депортацеш ярна дуьхьал манифистаци хилла кIиранан дийнахь, Гезгмашин-беттан 13-чохь Парижехь. "Human rights protection" (Адамийн бакъонаш ларъяр) адамийн бакъонашкахула йолчу организацин хаамца, Францин Iедалша цIахьажийначерах хIора кхоалгIаниг ала мегар долуш Оьрсийчохь лоций дIало иза вехачу меттигерчу ницкъаллин структурашка. Бакъонашларярхоша дийцарехь, цигахь цу нахана етта, къиза таIзарш до царна... Читать дальше...

Австрехь вехачу блогеран Асламханов Мурадан гергарнаш дIалецна даймахкахь

Radiomarsho.com 

Венера Мурад цIарца дика вевзаш волчу нохчийн оппозицин блогеро Асламханов Мурада бакъдина, даймахкара шен гергара нах дIабигина хилар. Кавказ.Реалиина Асламхановс дийцарехь, цуьнан цIийнах мел верг, иштта генара гергарлонаш долу нах а цхьана лецна хиллера шоьтан сатосучу заманчохь. Шина автобусахь хеттарш дан дIабигинера уьш боху цо. Австрехь вехачу Асламхановс дийцарца, Ноьвран кIоштарчу Комсомольское олучу эвлахь бехачу цуьнан гергарчарна чулилхинера полисхой. Лецначарлахь хилла Асламхановн ненан ши ваша а... Читать дальше...

Закаев: "IАДАТАН" модераторна ницкъбарна Iедалхой бехкехиларх тоьшаллаш ду

Radiomarsho.com 

IАДАТ телеграм-каналан 19 шо долчу модераторна Тепсуркаев Салманна тIехь ницкъбар толлуш ву ша аьлла, шена Нохчийчуьрчу Iедалхоша бехкаш дахкарна дуьхьал дIахьедар дина Британехь вехачу оппозицин политико Закаев Ахьмада. Шен YouTubeрчу каналехь Iораяьккхина цо видео. ЦIераш а ца йохуш, харц цIерашца вистхилла Закаев республикан Iедалан коьртехь лаьттачаьрга - "Хосин-Юьртара академик", "Кучер", "Сторож", "Путинан муфти" аьлла. Оцу цIерашца бевзаш бу халкъалахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а... Читать дальше...

Коронавирусах 7 стаг кхелхина, 575 цомгуш хилла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина ворхI дархо, лазар къаьстина 575 пациентца. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу Оперативан штабо динчу зерашца, Краснодаран кIоштахь велла виъ, Ставрополан кIоштахь кхоъ, Дагестанехь цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах 1 409 пациент. Ставрополан кIоштахь дукха бу ун кхетта нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь бинчу талламашца - 136: • Ставрополан махкахь +136 (13 799... Читать дальше...

Навальныйна дIовш делла хилар тIечIагIдина кхин а шина лабораторехь

Radiomarsho.com 

Германин дехарца Францерчу а, Швецерчу а йозуш йоцучу шина лабораторино Оьрсийчоьнан оппозиционеран Навальный Алексейн анализаш зийначул тIаьхьа, тIечIагIдина бундесверан лабораторин жамIаш: билггал "Новичок" олу дIовш ду цунна тIелатар деш лелийнарг аьлла. Германин Iедалхоша бина и хаам оршотан дийнахь. "Карарчу хенахь кхаа лабораторехь тоьшаллаш дина, Навальныйна билггал "Новичок" олучу химин дIовш делла хилар", - аьлла ду, Германин Iедалхойн сайта тIехь бинчу хаамехь.  Германино иштта дIахьедина... Читать дальше...

IАДАТ-ан модераторна дина таIзар нийса ду, аьлла Нохчийчоьнан муфтийс

Radiomarsho.com 

IАДАТ телеграм-каналан 19 шо долчу модераторна Тепсуркаев Салманна таIзар дина нах бакъ а беш, Британехь вехачу нохчийн оппозицин политике Закаев Ахьмаде вистхуьлуш, видео дIаязйина Нохчийчуьрчу муфтийс Межиев Салахьа. Пачхьалкъан "Грозный" телеканалан Инстаграмерчу сайте хIоттийна и видео. "Вайн зударий аьшнашбеш, уггар а боьха къамелаш дина боьха хIума ю иза. Вайн наха иза лаца а лаьцна, шайн чIир эцна цуьнгара, ван ма веззара сийсазвеш",- аьлла муфтис. Иштта Межиевс хьахийна, кху деношкахь... Читать дальше...

Нохчийчуьра хаамийн гIирсаш: нохчех дIакъастийна Закаев Ахьмад а, Европера Ичкерин векалш а

Radiomarsho.com 

Нохчийн тIемалойн буьйранча лаьттина Закаев Ахьмад а, Европера Ичкерин векалш а шайн къомах дIахадош Соьлж-ГIаларчу юккъерчу маьждигехь гулам дIабаьхьна нохчийн къоман векалша, яздо хаамийн гIирсаша. Дийцарехь, цигахь дакъалаьцна динан дайша а, массо а  тайпанийн а, къанойн кхеташонийн а, юкъараллийн а, кегийрхойн а организацийн векалша а. Шаьш арахецначу резолюцин чулацам бовзийтина республикерчу Iедална муьтIахь болчу хаамийн гIирсаша. ДIахьедаран авторша дIакхайкхийна меттигерчу Iедалхойн критикаш Делан а... Читать дальше...

Шемара цIадалийна 11 бер гергарчийн доьзалашкахь дIатардина

Radiomarsho.com 

Гезгамашин-беттан 9-чохь Шемара цIадалийна Оьрсийчуьра 11 бер церан гергарчаьрга дIаделла. КIиран сарахь бина и хаам президентехула берийн бакъонаш Iалашъян векал йинчу Кузнецова Аннин пресс-гIуллакххоша, яздо ТАСС агенталло. "Эххар а Дагестанерчу а, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу а шайн гергарчийн доьзалашка дIакхачор ду цхьайтта бер. Бакъду, Нохчийчуьра а, Астраханера а, Дагестанера а диъ бер хIинца а дарбан цIийнехь дуьссуш ду. Кеста берашкара хьал а хууш, кхин дIа лелон дезачу дарбанех а дуьйцуш... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ролан Гаррос

Увидит ли Париж Мирру из России? Андреева дает жару в Мадриде и включается в олимпийскую гонку






Обвалилась кровля На горящем заводе в Москве удалось локализовать огонь

Губернатор Кузбасса наградил Валерия Гергиева медалью Николая Масалова

Пожар произошел на заводе по производству искусственного камня в Москве

1XBET Qazaqstan Hockey Open. Сборная Казахстана с минимальным счетом уступила команде России